Памяти жертв депортации чеченцев и ингушей в 1944 году
Регистрация | Вход
Главная » Все материалы » Истории и судьбы

Б1АЬРГАН ХИШ...

ХIинцца Гуьмса-гIали юкъахь воккха стаг вара массо машенна куьг лоьцуш. Геннара цуьнах бIаьрг кхетча, аса сацам бира иза дIавига. Тхойшиъ вовшашна вевзаш а нисделира. 
- Йовхачу дийнахь хIун гIуллакх нисделла хьан гIалахь? – хаьттира аса, хьал-де хиъначул тIехьа.
- Сибрех вигарна луш цхьа коммунальни олуш ахча дара суна, далар сацийнера, бахьана хIун дуй хьажа веанера.
- ХIун хилла боха?
- ЧIогIа оьзда, гIиллакхе кегийраш бу вайн – цхьана йоIа ша бахьана лехна, дIанисдийра ду аьлла, цIа хьажий со, дукха ца латтош… 84 шо ма ду сан… хьалха санна иэс дац, могашалла яц…
- Хьан хенахь хIоккхал могашалла хилар доккха хIума ду… Дала латта йойла хьуна.
- Дела реза хуьлда. Да-нана долш дуй хьан? – хаьттара воккхачу стага.
- ХIа-хIа – нана кхелхина I5 хуьлуш ду, да кхелхина I3 шо хилла.
Ойлане велира сан накъост… эххар:
- Да дага ца вогIу сунна… нана… нена тхо кхоъ вара, цуьнан когашка дуьйшара тхо Сибрех. Цхьана Iуьйранна, шел делла, сама девлира……….. елла хиллера тхан нана…….
Воккха стаг вист ца хуьлаш хьевелча, и волчухьа дIахьаьжара со … - кIайн йоца можана тIехула охьауьдуш даккхийн бIаьрхиш гира сунна…

Джалвади Малаев

  - 

Категория: Истории и судьбы | Добавил: isa-muslim
Просмотров: 2300 | Загрузок: 0
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вход ]


Предлагаем вашему вниманию:

  • Воспоминания отца о депортации. Юни Успанов.
  • Глава 3. Использование религиозных авторитетов при депортации чеченского народа
  • Как вернули звание Героя СССР Висаитову
  • Бена-Веданар Алхазов Г1апурас дуьйцу д1адох1орх лаьцна
  • Валаргт1ера Мовлди Бексолтин к1ант Салавдис дуьйцу.
  • Ч1ишкархой ц1ерабахарах лаьцна
  • ЧИАССР "Город - орденоносец" г.Грозный (1955)
  • Вспомним их всех... Аббаз Осмаев
  • Книга Адама Духаева "Эпоха шайхов".
  • Нашему единству и солидарности позавидовали бы потомки

  • Карта посещаемости сайта:


    Регистрация Вход