Памяти жертв депортации чеченцев и ингушей в 1944 году
Регистрация | Вход
Главная » Все материалы » Публикации

Бирлантан дешнаш. 2017

Йижарий-Вежарий! Сан махкахой! Нохчийчохь, Г1алг1айчохь берш а, аренца лéларш а! Шу Дала маьрша леладойла!
..Чиллан беттан 23-г1а де.. 23-г1а февраль.. Совет-1едало Вайнах махках баьхна де. Вайн Иэсера 1аьржачу денойх цхьаъ.
Бехачу новкъахь а, д1акхаьчначул т1аьхьа а мацаллой, шелоной, цамгаршший к1ела битар бахьана долуш кхелхина цхьаберш, дийна биснарш шайн лазамца бàха бисина.
Царна халонаш гина. 1азап текхина цара. Дуьне доххал боккха бала боьссина хилла церан синошка-дог1машка...
Дала гечдойла беллачарна! Дала гечдойла вайн г1аскхешца хиллачу шинна а т1ам т1ехь эгначарна !!!
Дала Г1азот Къобал дойла церан!
Дала диканца-сихонца къацахетарийн карара бохийла оьрсийн набахтешкахь болу вайн йижарий-вежарий !
Дала Кхетавойла вайн мостаг1а!
Собар-Ларам-Машар-Къинхетам-Марзо-вовшех Дàшар-лойла вайн Цу Везачу Дала...
Цхьамма а, цкъа а кхин лаза ма дойла вай ! Ма лазадойла вай вовше а !
Ма хаьрцийла вайн б1аьвнаш. Ма йогийла вайн х1усамаш.
Ма чахчдойла вайн дегнаш. Ма доьлхийла вайн г1елделла б1аьргаш.
Ц1еналло вайн Ойланаш серла а йохуш,
Эрчo вайн амалашна гена а юьйлуш,
Безачеран вуо ца гуш,
Иман - Беркат доьзалaшкахь лаьтташ,
Дехийла-кх вай дуккха а шерашкахь...
Дала шена лаамца цхьа БАРТ бина,
Баланех-Сингаттамех, Зенех-зуламех
Лардина, Hийсачу-Cирлачу Hовкъа 
Доккхийла вайн жима-хаза-оьзда къам!
Дала шена Боккха Къинхетам хьалха а баьккхина, 
Ц1адерзадойла вайн Дуьне мел ду даьржина лела,
Хаддаза Даймахке сатуьйсу, Синош!

(Бирлант)
________________________________________________
(сурт диллинарг Яхиханов Рустам ву)


  - 

Категория: Публикации | Добавил: isa-muslim
Просмотров: 2235 | Загрузок: 0
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вход ]


Предлагаем вашему вниманию:

  • Вестник Академии наук Чеченской Республики, № 4 (33), 2016 118 РЕЦЕНЗИИ
  • Об аресте Плиева и Оздоева
  • Национальный архив восстает из пепла.
  • Памятник ветеранам ВОВ в с. Старые Атаги
  • Аллах, может дать силы и от одного зернышка, дать баракат в этом. Азамат Исмаилов.
  • Старики - это вчерашняя молодежь.
  • Депортация калмыков.
  • 23 февраля - депортация чеченцев и ингушей.
  • Глава 3. Использование религиозных авторитетов при депортации чеченского народа
  • О возвращении в 1957 г. в Беной-Ведено (на чеченском). Джалвади Малаев.

  • Карта посещаемости сайта:


    Регистрация Вход