Памяти жертв депортации чеченцев и ингушей в 1944 году
Регистрация | Вход
Главная » Все материалы » Истории и судьбы

Дилхира де. Иса Махмудов.

«Заманан йохаллехь цкъа бен ца дог1ура ша,
Нахана ирс дохьуш дан лиъна дара ша, 
Керчи ша, херци ша, г1айг1ано леци, 
Шийлачу 1ай деъна, кийра а бахьий шен»,- 
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.

«Шел хьалхарчу заманан денош дара тайна, 
Къоман парг1ато шайна ва яйна, 
Т1аьххьара цхьа-ши де дара шекдаьлла, 
Шена чохь парг1ато бух боцуш яйра»,- 
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.

«Лайха хьаьрчаш, шийла мох шена чохь г1аьттира, 
Нохчийн къам махкаха даккха ма кечдира, 
Шена чохь 1уьйре ма йоьхна хилира, 
Мискачу къомана дуьне а дуьйхира»,- 
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.

«Хир дац-кха бохамна кхоьллина, 
Суьйренга далале тодала хьажа деза»,- 
Бохуш, г1аддайна дахделира де, 
Амма кхин хийцам шена чохь боцуш, 
Йишйоьхна, мохь-аьлла дилхира де.

«Ша дахделча, нах шеха ца кхийтира, 
Къизалла совъяккха дахделла хийтира, 
Ша бехке ца хиларх кхета ца тигира, 
Дикане сатесна дахделла дара ша»,- 
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.

«Диц ца ло, дицлур дац, зама мел яларх, 
Де доьхна хьаьвзинчу адамийн аматаш, 
Зударийн белхар а, и берийн аьзнаш а, 
Г1орийна куьйгаш а, шелделла дог1маш а»,- 
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.

«Ас-м и ирча хан йицйойтур ярий, 
Цкъа а и дуьненчохь ца хилча санна, 
Цу хенахь 1овжийна хиллачу дегнийн, 
Цайоьрзу чевнаш ю бух боцуш, к1орга»,- 
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.

«Шел т1аьхьа денош а дацара тоьлла, 
Сибрехан арахь, даьссачу лаьттахь, 
Мацалло г1елдина, беха некъ бина, 
Нохчийн къам доссийра хийрачу махка»,- 
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.

«Цу эрна арахь, дийца каш доцуш, 
Станцешкахь дуьтура беллачийн декъий, 
Хийланийн да-нана 1ожало даьхьира, 
Дан амал доцуш, доьзалаш бисира»,- 
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.

«Цул т1аьхьа кхойтта шо хан-зама елира, 
Нохчийн къам шен махка юха ц1адирзира, 
Цу дийнахь баьхначийн я баьхнарш байначийн, 
Цу дийнан къизаллийн лар а ю йисна»,- 
Бохуш, мохь-аьлла дилхира де.

«Вайн къоман исторехь балин де аьлла, 
Т1ейог1учу т1аьхьенна диц ца далийта, 
Биначу сацамо сатийсар кхачий, 
Шен хьал а диллина дахаран кхеле, 
Г1елделла, мохь-аьлла дилхира де.
 

Isa Makhmudov‎ Помним. Депортация и возвращение


  - 

Категория: Истории и судьбы | Добавил: isa-muslim
Просмотров: 2816 | Загрузок: 0
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вход ]


Предлагаем вашему вниманию:

  • Указ о снятии ограничений по спецпоселению
  • Трудовая книжка выданная в Казахстане, 1944 - 1957 г.г.
  • Зумсой. Абдулла предпочел смерть, чем жизнь на чужбине и его застрелили на глазах всей семьи.
  • Твёрдость веры наших предков.
  • Депортация калмыков.
  • Чиллан беттан 23-чу денна дешнаш.
  • Путешествие из Кокчетава во Владикавказ
  • Путешествие из Казахстана на Кавказ. Замбек Залзаев
  • Бисава Арубикица хиллачу къамелан кийсиг... Марет Эльдиева.
  • Жизнь спецпереселенцев-ингушей после 1944 года. Беслан Беков.

  • Карта посещаемости сайта:


    Регистрация Вход